25-г1а апрель - Нохчийн Меттан Де!

25.04.2020

Хьомсара махкахой, даггара декъалдо шу вайн Нохчийн меттан Денца! Нохчийн меттан хьехархойн деза де хилла ца 1а х1ара, массо нохчочун деза де ду х1ара. Х1унда аьлча, нанас кху маттахь хьостуш, дас кху маттахь г1иллакх-оьздангалла 1амош, хазахетар а кху матахь дуьйцуш, г1айг1а а кхуьнца ялхош дехаш ду вай. Тахана вай сий даре терра, вай кхиоре терра бен кхуьур бац вайн мотт. Вайн дайша, мел халонаш хиларх, махках баьхна, бакъонех хадийна, и мотт бийца дихкина хьийзорах ца бицбеш, шайн доьзалшна марзбеш схьабеана Нохчийн мотт, соне тесна, пусар доцуш, доьзалшка буьйцуш боцуш д1атаса бакъо яц вайн. Мотт д1абаьлча-м вайн къам а д1адолу. Дала х1ара бийца бакъо йоцуш, буьйцуш х1ара хезаш боцуш хан ма йог1ийла вайна. Дахар толуш, мотт кхуьуш, Даймохк хазлуш, ирсе дахар хуьлийла вайн! Дала декъалдойла шу!