РЕГИОНАЛЬНИ КЪОВСАМАН МУНИЦИПАЛЬНИ Т1ЕГ1А "НОХЧИЙН МЕТТАН ХЬЕХАРХО-2023"

27.03.2023

Хууш ма хиллара, 2023 шо - Нохчийн меттан шо аьлла, д1акхайкхина ду Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цу хьокъехь Хьалха-Мартан муниципальни к1оштахь д1ахьош дуккха а белхаш бу.

Царех бу бекарг беттан 16-27 деношкахь д1абаьхьна к1оштан нохчийн меттан хьехархойн къовсам "Нохчийн меттан хьехархо-2023".

Къовсаман 1алашо: хьехархойн методически а, предметни а компетенци кхачаме йалорца, вовшеха дагадовларца, зеделларг довзийтар а, иштта к1оштан тоьлла хьехархо билгал а ваьккхина, региональни т1ег1ан къовсамехь дакъалаца вахийтар а.

Къовсаман толамхой:

Хьалхара меттиг - Шовхалова Хьава Нурдиевна, Мартан-чуьра № 1 йолчу йуккъерчу школин нохчийн меттан хьехархо;

Шолг1а меттиг - Гехаева Яха Алиевна, Йоккхачу Атаг1ара №3 йолчу йуккъерчу школин нохчийн меттан хьехархо;

Кхозлаг1а меттиг - Яндарова Раяна Айндиевна, Хьалха-Марта г1алин №1 йолчу йуккъерчу школин нохчийн меттан хьехархо; Эхаева Диана Руслановна, Шалажера №1 йолчу йуккъерчу школин нохчийн меттан хьехархо.

Хьалха-Мартан муниципальни к1оштан дешаран отделан пресс-служба

Источник: public_news