"Ларбе нохчийн мотт, хазбе и"

20.04.2018

Автор: Душулова Р.С. 

Хан: 20.04.2018шо

Тахана, 20-чу апрелехь, 10-чу классехь д1адаьхьира НОХЧИЙН МАТТАНА лерина "Ларбе нохчийн мотт, хазбе и" ц1е йолу кл.сахьт. Вайн къоман дахарехь  даздеш долчу денойх  уггар  деза дерг а, вайн къоман уггар  сийлахьчу денойх дерг а, соьга хаьттича, Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь 25-чу апрелехь. Стеган къам къастош берг буьйцуш болу мотт бу.  Мотт - вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а,  х1ора нохчийчун  а дахаран хазна ю.